Ледара з1е

21.04.2025

Ненан меттан денна лерина "Ледара 31е"-къовсам д1абаьхьира Б1аьчи-Юьртара N3 йолчу Белиев С-М. М. ц1арах йолчу йуккъерчу  ишколехь. Кхелахойн тобано динчу жам1аца тоьлларг,эшнарг воцуш,ненан матте болче безамца,лерамца д1абирзира къовсам.Ишшта кхи а цхьацца къовсадаларш хилира:байташ йешар, сочинени йазйар, пенан газеташ дар, и. д1. кх.Вайн историн йохаллехь дуккха а хала киртигаш т1ейаьхкина вайн къомана. Мел хала киртиг шена т1ех1оьттича а, къар ца луш, к1ел ца дуьсуш, дахарх дог ца дуьллуш, шен г1иллакхех ца къаьсташ, синмехаллаш ларйеш, цу халонашка, баланашка, лазамашка к1ел ца дитинарг – вайн ненан нохчийн мотт бу.Аллах1 Дала вешан мотт беза а, ларбан а ницкъ лойла вайна!